ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан пропаганда кхераме лору Кэмерон Дэвида


Британи -- Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид, 23Чил2015

Британи -- Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид, 23Чил2015

Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида дIахьеддина пIераскан дийнахь, шен пачхьалкхо дуккха а харжаш йо, Малхбалерчу Европехь юкъараллин кхетам кхиорна а, Оьрсийчоьнан тIеIаткъам цигахь лахбарна а, аьлла. И дIахьедар цо Евробертан рогIерчу саммитехь Брюсселехь дира.

Брюсселехь дIахьочу Евробертан саммитехь Британин премьер-министро Кэмерона дIахьедар дина, шен пачхьалкхено миллионашкахь ахча хьажадо, Малхбалерчу Европехь Оьрсийчоьнан тIеIаткъамца къийсам латто, аьлла.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цхьаццайолчу Малхбалерчу Европина юккъейогIучу пачхьалкхийн урхаллашна а, юкъараллашна тIехь лакхаболучу тIеIаткъамо шайна гIайгIа латтош хилар Евробертан куьйгалхоша хьулдеш а дацара.

Венгри а, Румыни а, наг-нагахь Чехий, Словакий а, ткъа тIаьхьарчу хенахь гаррехь Греци а Кремло олучуьнга а, цунна хетачуьнга а юхакъерзаш хилар а, Евроберто Оьрсийчоьнан хьокъехь сацамаш тIеоьцучу хенахь цара; Цхьаьнакхеттачу Европин цхьа барт бохош, новкъарлонаш еш хилар а къаьстина гуш ду Украинехь тIеман тийсадаларш доладеллачул тIаьхьа а, ткъа и бахьана долуш Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха йолийча дуьйна схьа а.

Брюсселехь дIайоьдучу рогIерчу Евробертан саммитехь хIинца и гIайгIа массарна а хезаш йовзийтира Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида, цу кепарчу Кремлан тIеIаткъамна дуьхьал къийса дезаш хилар билгал а доккхуш. Цу къийсамехь хьалхара гIулчаш шен пачхьалкхено яьхна хилар а довзийтира цо.

Иштта, Кэмерона чIагIдарехь, Британино хIинцале а миллионаш фунт стерлинг хьажон сацам бина Малхбалерчу Европехь Путинан тIеIаткъам лахбарна. Цуо дийцарехь, и ахча лерина цу Iалашонца кхоьллинчу фондехула демократи яржоран Iалашонан дIахоьцур долуш ду. Босний, Герцеговиний, Сербий, Гуьржийчоьй, Молдовий, кхин цхьа могIа кегий а, яккхий а пачхьалкхенаш ю Британин урхаллин куьйгалхочуо билгалйаьхнарш. Ткъа иштта, кхеташ ма-хиллара, Украина а ю цу могIарехь.

И тайпа болх хIинца юккъе баьккхина а, болийна а бац бохуш дуьйцу Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочуо Асхабов Хьамзата, иза дIахьош болу дуккхаъ шераш ду дуьненан хIора а кхиинчу пачхьалкхаша. Къаьстина, цу тIехь дика кайолучех Британи а ю.

Асхабов: „И болх дIахьош болу дикка хан а ю. Къаьстина Британин ду цу тIехь доккха зеделларг. Британера Iамаелла ю Цхьаьнакхетта Штаташ а цу кепара шайн интересаш ларйархьама белхаш кхечу пачхьалкхашкахь дIабахьа.

Ткъа Оьрсийчоьно а Малхбузерчу пачхьалкхашкара и хIума схьа а эцна, тIаьхьарчу шерашкахь жигара баьккхина и тайпа болх. Къаьстина, оьрсийн мотт Iамор а, иза баржор а боху хIума юхьара а лаьцна, цу Iалашонна ло бохуш студенташна а, профессоршна а дуккхаъ гранташ а луш, харжаш а еш дIахьош бу цара и болх“.

Евроберта юккъе йогIуш йолу пачхьалкхенаш тергал йича, гуш ду, цхьа могIа мехкашкахь Оьрсийчоьнехьа болу озабезам а, Кремлан лобби а вуно нуьцкъала хилар. Иштта, масала, Венгрехь а, Грецехь а вуно жигара баьккхина Оьрсийчоьнан куьйгалло шайн тIеIаткъам лакхабаккхаран болх. Иза Евробертан куьйгалло европахойн барт бохон Кремл гIертар санна туду, ткъа политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, гарехь Оьрсийчоьнан политикан кхиам бу цигахь гуш.

Асхабов: „Цхьана агIор Оьрсийчоьнан кхиам лара догIу и хIума. Вукху агIор, нагахь санна Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш, масала, Цхьаьнатоьхначу Штаташна цхьанна а кепара лазаме яцахь, Европехь кхин хьал ду. Кхузахь газца а, кхин болу энергетикан сурсаташца а долу Оьрсийчоьнах йозуш хилар хIора а пачхьалкхахь тайп-тайпана ду.

Иштта хьал ду юьртбахаман сурсаташца а, мах лелорца а дерг а. Цхьайолчу пачхьалкхашна вуно даккхий зенаш хуьлу и шайн сурсаташ Оьрсийчоьнна санкцеш бахьана долуш дохка бакъо ца хиларна. Цундела а даьржа цу пачхьалкхашкахь Евробертан политикана резадацар“.

Гергарчу хенахь Европерчу бахархойн синкхетамна тIеIаткъам барехь белх шинна а агIоно, - Оьрсийчоьно а, Малхбузено а, - де дийне мел долу жигара боккхуш дIахьур бу аьлла тешна ву политолог. Ткъа цуьнан жамIехь, иштта а дуьненан политиках догмовла бевлла болчу европахойн, кхин а сов шинна а агIонах цатешар а, чамбалар а алсам далар хир ду.

Цу юкъана Британин премьер-министро Кэмерон Девида мукIарло дира, хIинцале а Украинехь демократин институташ эвсаре яхарна шен пачхьалкхено 5 миллион фунт стерлинг хьажийна, аьлла. Ткъа кхечу Малхбалерчу Европера пачхьалкхашкахь кхин а кхузза алсамох харжаш ян Iалашо ю Британин, Кэмерона ма-аллара, цигахь а а „шозлагIа Украина“ ца хилийтархьама.

XS
SM
MD
LG