ТIекхочийла долу линкаш

Донбассехь ца совцу тIемаш


Донбассерчу тIематийсадаларшкахь дахначу дийнахь-буса вийна Украинан 2 эскархо, 7 лазийна. Донецкан, Артемовскан, Луганскан, Мариуполан агIор сепаратисташа герзаш деттар ца сацадо, хаамбо Киево.

Шайн агIор оццу бехкала хьо Украинан эскарш «Донецкан халкъан республика» олучу сепаратистийн гоно а – цо бахарехь, 30-за берте йиллина тийналла йохийна Киеван ницкъаша. Бакъду, Донецкан администрацино де-буьйса цхьа а инцидент йоцуш чекхъялла аьлла хаамбина журналисташка.

Донецкан кIоштарчу Волноваха гIалахь шоьтан Iуьйранна бевзаш боцучара вийна Кхерамзаллин эскаран белхахо.

XS
SM
MD
LG