ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь 7 гIаттамхо вийна


Оьрсийчоьнан антитерроран кхеташоно бечу хаамца, ХIинжа-ГIалахь шоьтан Iуьйранна Iедалан ницкъаша шаьш гоне лаьцна хиллачу цхьана тIекIелдинчу цIачуьра байина гIаттамхой. Хьостано бахарехь, тIом болабале бер арадаккхийтина а хилла цIийнера.

Шина петарчуьра дуьхьало латтийна гIаттамхоша. Массех сахьтехь бинчу тIамехь вийна 7 гIаттамхо. Антитерроран кхеташоно даржадо, и нах хьалхо полицина тIелетарш дина а, гIаттамхойн тобанашна хьолахошкара даккхий ахчанаш дохуш лелла а бара, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG