ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МостагIчо дIалаьцна лору меттигаш билгалъяьхна Украинин парламенто


Донецкан а Луганскан а областийн цхьайолчу кIошташ оккупацина къеллахь йолу территореш лоручу сацаманна тIе куьйг таIийна Украинин Лаккхарчу Радан куьйгалхочо Гройсман Владимира. И мехкала кехат болх бан долалур долуш ду Шинарин дийнахь дуьйна.

Даханчу кIиранах Лаккхарчу Радан депутаташа билгалъехира Донбассехь ша тайпа урхалла дийр долу территореш. Царна юкъахь ю 2014-чу шеран Гезгмашин-беттан 19 дийнахь дуьйна сепаратисташа Iунналла деш йолу ярташ а, кIотарш а, гIаланаш а, аьчган некъан станцеш а.

Гройсмана бинчу хаамца, Донецкан а, Луганскан а областийн цхьадолчу дакъошна тIехь ша тайпа урхаллан раж хIоттор дахлур ду «цу регионера ерриг а низамехь йоцу тобанаш а, тIеман техника а араяккхалц». «Донецкан халкъан республика» шех олучу сепаратистийн тобанан векалша цу хьокъехь дIахьедар дина, Лаккхарчу Радо тIеэцна и документ «дипломатин питана» ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG