ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акци хилла Кабулехь


Къуран дагийна аьлла бехке а йина, 27 шо долу зуда ерна дуьхьал акци хилла ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь. БIеннаш адамаш цхьаьнакхеттера Шахе До Шемшире олуче маьждигана хьалха. Цара Iедалшка доьхург дара, бехк хилар а ца толлуш, цхьаболчу хаамашца коьртана дика йоцу и жима зуда ерна бехке болчу нахана таIзар дар. Ферхуда цIе йолу жима зуда дин Iамош хилла школехь.

Кху беттан 19-чу дийнахь Къуран дагийна аьлла бехке а йина, иттаннаш наха, йиттина ен а йийна, цуьнан дакъа дага а дина хичу кхоьссинера. Цу меттехула чекхбевлира дуьхьалонан акцин декъашхой, зуламхой жоьпе озор доьхош. Iедалша и зуда ерна лаьцна ву 13 стаг. Кхин а 13 полисхо балхара д1аваьккхина и к1иза зулам деш хьежа а хоьжуш Iийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG