ТIекхочийла долу линкаш

Немцов вен кхачийнарш Кремлехь леха беза боху цуьнан шичас Эйдман Игора


Оьрсийчоь - социолог, публицист Эйдман Игор, вийначу оппозиционеран Немцов Борисан шича, 2014

Оьрсийчоь - социолог, публицист Эйдман Игор, вийначу оппозиционеран Немцов Борисан шича, 2014

Немцов Борис веран бахьанех лаьцна дуккха а дуьйцу. Кремлехьа болчийн шайн ю верси, ткъа оппозицин - шайниг. Немцов Борисан шичас Эйдман Игорна хета, цо интеренетехь бахарехь, президентан Путин Владимиран белхан чоьнашка боьдучу новкъахь каро еза политик вийначийн маша, аьлла.

Москох, Кремлна уллехь, тапча а йиттина вийначу политиках-оппозиционерах Немцов Борисах лаьцна дийцарш-хетарш ду дижаза дуьйцуш тайп-тайпанарчу Интернетан хьостанашкахь.

Кеп-кепара версеш туьду, зуьй тергамчаша, политикаша, бакъоларъярхоша, могIарчу бахархоша.

Ткъа Таламан Комитето уггаре хьалха юьхьарлаьцнарг , гарехь, Пайхамарна ехкина карикатураш Немцов Бориса къобалъярца доьзна ду боху верси.

Лецна, левеш ву тахана а талламан комитето Нохчийчуьра 5 вахархо - Дадаев Заур, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат, вежарий ГубашевгIар, ШахIид, Анзор.

Амма бехке бийраш нохчий белахь а, Немцов Борис верна жоьпаллехь хета Оьрсийчоьнан куьйгалла ше, Немцовн, гергарчарна а, накъосташна а.

Хууш ма хиллара, Путинан режимца дийна а ца виса санна жигара къийсалора Немцов. Цуьнан Iалашо яра, цо ша ма-аллара, иза Кремлера эккхон. Шен халкъашца хуьлучу цхьанакхетарехь, масала, ийза ца луш дора цо къамел.

Немцов: «Сурт хIоттадел шайна, сан Путинца дебатийн сахьт. Деккъа дIа сан а, Путинан а. Долор вай могIарчу хзаттарна тIера. Оьрсийчоьнан салти леш бу тIамехь, ткъа ахь уьш тесна буьту. Аьшпаш буьтту, уьш тIамехь бац бохуш. Ткъа тхуна оцу салтийн кешнаш ма го!

Тхуна и кешнаш го Костромахь, го Псковехь, со губернатор лаьттинчу Нижний Новгородехь а го. Коьрта тIеман буьйранча, ахь стенна букъберзабо хьайн салташна? Юй хьан цул тIаьхьа эскарийн коьртехь латта бакъо»?

Деношкахь шен интернет-блогехь Немцов Борисан шичас, оьрсийн социолога Эйдман Игора яздинера: «Дадаев Заур хьалха а хIиттош, гучуйоккхуш лаьттачу Немцов вийначу нехан зIе Путинан кабинетчу йоьдуш ю».

Маршо Радиона карийра Немцовн шича Эйдман Игорь, амма цкъачунна ша цу хьокъехь цхьана а кепара комментареш яла дог долуш вац, шена бехк ма билла аьлла, доцца хадийра цо тхан къамел.

Эйдмонан Iедалах кхерар доцуш, майрра аьлла дуккха а дешнаш карадо электронан зорбанехь.

Масала, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир тIап-аьлла дIавайначу деношкахь Эйдмона шеконе йиллира цо лелаен кеп. «Путин халкъа юкъа ца валарна бехке, суна хетарехь, Немцов Борис вийча дуьнено гIаттийна гIара ю, нехан тидам шена тIера берзаре хьоьжуш, тебна Iа иза, элира Эйдмона Игора.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан рогIерчу кхеташонехь депутат волчу Гудков Дмитрийс дехар дира шайн болх дIаболабалале Немцов Борис дагалацарца тийналлин минот хIиттор.

Парламентан спикера Нарышкин Сергейс пурба ца делира иза дан, Немцовн гергарчаьрга кадаман кехат дахьийтина ша хьалхо, аьлла.

Дуккхаъчу депутаташа бехкбиллира Нарышкинна, цо Немцовна ларам ца байтина парламенте. «Дождь» телевизионехь довзийтира пачхьалкхан Думин депутата Зубов Валерийс и хьал.

Вуно яккхий а, жоьпалле а Iалашонаш яра Немцов Бориса шена тIеоьцуш. Амма Iожалло кхачийна дерриг а.

Немцов: «Суна шеко а йоцуш синонимаш ю «Путин», «кризис», тIом». Амма оха хIинца кечбийриг доккха маьIна долуш болам бу – Оьрсийчоь Путинах мукъайоккху болам. Вай декхаре ду Путинах Оьрсийчоь паргIатъяккха. Оха иза ца дахь, вай пачхьалкх херъер ю дуьненах, къоьллехь юьсур ю, вайн кризис шерашкахь яхлур ю».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG