ТIекхочийла долу линкаш

Украинина герз даладеза аьлла хета Iамеркин конгрессменашна


Обама Бараке Украинина герз далар доладе аьлла резолюци тIеэцна Оршот-дийнахь Iамеркин Конгресан векалийн чоьнан декъашхоша. И документ тIеоьцуш кхаж тесна 348 низамашдахархочо. Дуьхьал хилла - 48. Резолюци тIехь аьлла ду, йозуш йоцу а, кхууьш йолу а Украина йогIуш ю Iамеркина оьшуш долчуьнца аьлла.

Цу документан авторш бу республиканхо Ройс Эд а, демократ Энджел Элиот а. Царна хетарехь, герз оьшуш ду Украинин халкъана ша Iалаш дан. Украинехь адамаш дайарна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь аьлла хеташ бу конгрессменаш.

XS
SM
MD
LG