ТIекхочийла долу линкаш

Яценюк Арсений: Украинин керла конституци тIеоьцуш референдум хила еза


Украинин конституцин керла проект референдуме йилла еза аьлла дIахьедар дина цу мехкан премьер-министро Яценюк Арсенийс. Цо дийцарехь, керлачу конституцина тIехь алсам бакъонаш лур ю регионашна, билгалйохур ю кхелан системан а, коррупцица къийсам латторан системан а керла принципаш.

Зазадоккху-бутт болалуш Украинин президенто указ арахецнера конституцин комисси кхуллуш. Цу комиссино кечбийр бу конституцина тIехь керла хийцамаш.

Порошенкос дийцарехь, комиссин декъашхойн коьрта Iалашо ю кхелаш йозуш йоцуш хилар чIагIдар а, коррупцина дуьхьал хьажийна реформаш яр а, махкахь меттигера Iедалш чIагIдар а. Украинин президентана хетарехь, конституцин реформаша чIагIъян еза мехкан цхьаалла.

XS
SM
MD
LG