Францерчу Алпашкахь охьадоьжна Airbus A320 олуш долу Germanwings компанин некъахойн кема. Иза хилла Барселонера Дюсселдорфе доьдуш. Цу кеманна тIехь хилла 144 некъахо а, 6 кеманхо а.
Францин Iедалша бинчу хаамца, царах дийна висина стаг волчух тера дац. Чудеанчу лайнеран дакъош карийна Барселоннет олучу кIоштахь. Цу метте хьовсийна леррина гIо-орцан тобанаш. Францин транспортан министралло бинчу хаамца, кема дохале бохам хуьлуш хиларан сигнал елла хилла пилоташа.
Францин президенто Олланд Франсуас бинчу хаамца, доьхначу кеманна тIехь хилла Германера а, Испанера а некъахой. Туркой а хила мегаш бу беллачарна юкъахь.
Кема дохаран бахьана цкъачунна хууш дац. Германин канцлеро Меркел Ангелас а, Испанин премьер-министро Рахой Марианос а дIахьедар дина, шаьш дегнаш доьхна ду хилларг бахьана долуш аьлла.