ТIекхочийла долу линкаш

"Маршонан де" даздина Белорусехь


Белорусин Халкъан Республика кхоьллина 97 шо кхачар даздина Кхаарин дийнахь Белорусин демократин ойланаш йолчу юкъаралло. Цуьнан цIе ю «Маршонан де». Официалан кепара и де даздеш дац. Ткъа оппозицино хIинццалц еш хилла маршаш дIайоьрзуш Iедал дара цуьнан декъашхой дIа а лоцуш. Маршо Радион корресплонденто бинчу хаамца, кху шара Минскан Iедалша бакъо еллера «Маршонан Де» олу акци дIаяхьа.

Цуьнан коьрта теманаш яра Оьрсийчоьно шен кхин мехкаш дIалецаран политика жигаръяккхарца доьзна Болоруси йозуш йоцуш хилар а, Украинин халкъах доглозуш хилар а, ткъа иштта Белорусин Iедалша дIахьочу демократина дуьхьал хьажийна политика емал яр а. Минскера милицино варе бинера и акци вовшахтоьхна болу жигархой, цуьнан декъашхой бакъо яц шайн яххьаш хьулъян аьлла.

XS
SM
MD
LG