ТIекхочийла долу линкаш

А320 кема дохорна бехке хила мега аэробусан шолгIа пилот


Францерчу Алпашкахь охьадоьжначу А320 аэробусан шолгIа пилот и кема дохо дагахь хилла аьлла дIахьедар дина Францин прокуратуро. Марселан прокуроро Робэн Бриса дийцарехь, кеманан хьал дIаяздечу аппарато гойтуш ду шолгIачу пилото, 28 шо долчу Германин вахархочо Любиц Андреаса кема леррина чухаьхкина хилар. Кема дохале жимма хьалха цхьа пилот араваьлла хилла кабини чуьра.

Юхавеача цуьнан аьтто ца баьлла кабинин неI схьаелла. Иза леррина дIакъевлина хилла чухула. Прокуроро дийцарехь, кема лаьттах кхетталц Любиц дийна хилла. Рекордер тIехь хезаш ду цо садоьIуш. Хьалхо цуьнга ладоьгIна волчу кема дохар толлучу эпсаро дIахьедар динера The New York Times газете, диктафон тIехь хезаш ду пилот кабини чуваха гIерташ неI етташ хилла хилар аьлла.

Барселонера Дюсселдорфе доьдуш долу Germanwings авиакомпанин кема чудеана Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь. Цу лайнер тIехь хилла 150 стаг, коьртачу декъана Германера а, Испанера а бахархой. Уьш берриш белла.

XS
SM
MD
LG