ТIекхочийла долу линкаш

Йеменехь гIаттамхошна тохарш деш ду коалицин кеманаш


ШолагIа де ду Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо куьйгалла дечу коалицин кеманаша Йеменан коьртачу гIалахь Санехь а, кхечу кIоштIашкахь а ракеташ а, бомбанаш а етта. Церан Iалашо ю цу махкахь яккхийн территореш дIа а лийцина тIемаш дечу шиIатийн хуситийн гIаттамхой эшор.

Малхбузерчу агенталлаш бинчу хаамашца, ПIераскан Iуьйранна кеманаш тохарш дина Санерчу президентан гIишлонна. Йеменан президент Хади Мансур дIавахана махкара.

Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь иза дIакхаьчна Саудин Iаьрбийн пачхьалкха. Йеменан могашаллан министраллан белхахоша чIагIдарехь, тIахьарчу шина дийнахь 39 стаг вийна коалицин кеманаша тохарш дар бахьана долуш.

Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхо куьйгалла дечу сунниташна а, церан бертахошна а хетарехь, гIаттамхой бу Йемен дIалоцуш ГIажарийчоьно пайда оьцуш болу гIирс. Сунниташ дагахь бац и план кхочуш хилийта. Карарчу хенахь хуситийн карахь ю Къилбаседа Йемен а, къилбера масийтта провинци а.

XS
SM
MD
LG