ТIекхочийла долу линкаш

Мехала тоьшаллаш карийна Алпашкахь кема дохар толлуш


Францерчу лаьмнашкахь чудеанчу Airbus A320 кеманан шолагIчу пилото Любиц Андреаса, гарехь, хьулйина хилла ша болх бечу компанех психиаторша шена хIоттийна диагноз. Цуьнах лаьцна хаам бина Дюсселдорферчу прокуратурин белхахоша.

Цара дийцарехь, 28 шо хилла пилот ваьхначу хIусамехь полицина карийна лоьраша дарба лелийна кехаташ.

Барселонера Дюсселдорфе доьдучу Germanwings компанин лайнер чудеана Алпашкахь. Хьалхара пилот араваьлча кабини чохь дIа а къовлавелла Любица чуа хаьхкина ломан бердах тоьхна иза. Цу тIехь хилла 150 стаг велла.

XS
SM
MD
LG