ТIекхочийла долу линкаш

Чехера ши жима зуда маьршаяьккхина Пакистанехь


Пакистанехь маьршаяьккхина ши шо хьалха цу махкахь лачкъийна хилла Чехера ши жима зуда. И шиъ карарчу хенахь цIахь, Чехин республикехь ю. Цунах лаьцна хаам бина журналисташка Чехин премьер-министро Соботка Богуслава.

Чехера ши жима зуда ядийнера 2013-чу шарахь Зазадоккху-баттахь Белуджистан провинцин коьртачу гIалахь Кветтехь. Ассошейтед пресс агенталло бинчу хаамца, и шиъ маьршайоккхуш юкъарло лелийна Туркойн гуманитаран организацино.

XS
SM
MD
LG