ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнца дийцарш дIахьош бу дуьненаюкъараллан векалш


ГIажарийчоьнан бакъо ю машаран заррат программа кхочуш яц, амма иза гуш а хила еза, тIехь Iуналла деш а хила еза аьлла дIахьедар дина Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана. Иза дакъалоцуш ву дуьненаюкъараллан цIарах юкъарло лелочу 6 пачхьалкхан а, ГIажарийчоьнан векалийн а ТехIранан зарратан программехула долчу дийцаршкахь.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Валтера билгалдаьккхина шайн цхьаьнакхетаро жамI дохьур ду аьлла сатесна ву ша аьлла. Цу дийцаршкахь дакъалоцуш йолу Iамерка а, Британи а, Франци а, Китай а, Оьрсийчоь а, Германи а лууш ю ГIажарийчоьно зарратан герз деш дац аьлла гарантеш хилийта. Цуьнца цхьана ГIажарийчоьно харц до шаьш зарратан герз дан гIерташ ду бохург.

XS
SM
MD
LG