ТIекхочийла долу линкаш

Теркйистехь лецначех тахана а дац жоп


Нохчийчоь --Конституцин дийнахь хадеш лаьтта полисхо, Соьлж-ГIала, 23Заз2011

Нохчийчоь --Конституцин дийнахь хадеш лаьтта полисхо, Соьлж-ГIала, 23Заз2011

Чекхбаьллачу Чиллан-беттан 24-чу дийнахь Соьлж-гIалахь талор дан гIоьртина Теркйиcтера кхоъ ларамаза нисделлачу эккхийтарехь велчахьана балехь бу церан цIераниш а, бевза-безарш а.

Балхара дIа а бохуш махкара арабаьхнарш а бу, шолгIачу батте а баьхна чохь бахкош берш а бу.

Иштачех бу Теркйист кIоштан Iелин юьртара Висаитов, Дадаев,Чермоев, Джамурзаев, Чимаев. Лецна дIа а бигина, шина кIирнах гергга набахтехь а латтийна, мукъабаьхнарш вуно дукха бу.

Оьккху хIума йогIа а гIоьртина белла бохучара, вуно чIогIа хьовзам баьккхи шайн цIерачарна,-дуьйцу шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана вахархочо.

«Дукхахдолчу декъана хьовзам Iедалехь болчара, бехк-гуьнахь а доцчу гергарчарна баьккхина, низам ларцадар бахьнехь, шайна ма тов и тидар бахьнехь. Кхузахь тIекIал нах лецарна а, балхара бохорна а дукха адам реза дац, амма резадацар дIагайта тахана некъ шайн цахиларна собаре садетташ Iаш бу.

Бакъду царна дика хаьа шайн берашна ницкъ беш Теркйист кIоштахь «эра» даккха пурба делларш а, харцонаш дахаре ерзийнарш а муьлш бу. Цунах тоам бина Iаш бу уьш цкъачунна».

И къамел динчу вахархочун санна хьажам берш шортта бу. Царех ву 57 шо долу Жамалай а. Кегийрхой лецарх а, гергарчийн гIайгIанех а, шен юьртахошна хетачух дуьйцуш и ву.

Жамалай: « Кхечу ярташкара а бу лецнарш. Аса тхайн юьртахой буьйцу. Уьш пхиъ ву. ГIайгIанехь бу цIеран цIераниш. ШолгIа бутт болабелла уьш къайлабаьхна.

Соьга хаьттича уьш лецар а, мичахь бу ца хоуьйтуш чохь бахкор а, кхин хила йиш а йоцуш чIогIа тоьшалла ду-кха, кху Оьрсичохь нийсонана а.бакъонан а метта олалла деш ерг харцо хиларан. Харцо муха яц, кховдийна бехк а боцуш, тIевуьтуш адвокат а воцуш, гергарниш тIаьхьа а ца кхуьуьйтуш, кегийрхой къайлабаьхча.

Тахана гIуллакх кху тIе далийна-кх – нохчий бу-кх нохчашкахь гIело яллош, ца богIу ницкъ беш, леца а лецна,набахтехь а кхаьбна, мукъабаьхначара схьадуьйцуш ма ду дерриге а. И лецна хьуламехь латто бераш мича хьолехь ду хьанна хаьа?

Къиза тIеIаткъам беш цаьрга харц мукIарло ца дойту аьлла чIагIо мичахь ю? Валлай ницкъ бан болийча стага тIе-м лоцу хIуъу а , лаца а ма лоцуьйта. Суна хетарехь царна ницкъ бина а,беш а ца хилча, уьш болу меттиг къайле йина а ца латтош, гергарниш царна тIебуьтур бара. Массарна а цаьрца лелориг харцо юй хаьа, амма цхьа а и хьахо ваьхьаш вац. Оццул чIогIа кхераме ду-кх тахана тхан махкахь».

Шен юьртара кегийрхой лецарх а, генара гергарниш а тIехь балхара бохорах а соьга дийцина Жамалай теш ву Соьлж-ГIалахь болчу Iедалдайшна ма-дарра хаа а ца хууш, шайн кIоштехь цхьайолу харцонаш лелош берш меттигера хьаькамаш бу аьлла.

Бакъ дина, цунах теша а тешаш, ишта хьажам берш кIезиг бац, амма царел сов буй те аьлла бу, мехкан куьйгалхошна хаа а ца хууш, меттигера Iедало шайн лаамехь гIулч йоккхур яц аьлла ойла кхобуш берш а.

XS
SM
MD
LG