ТIекхочийла долу линкаш

Юха а Каримов Ислам президент хаьржина


Узбекистанерчу президентан харжамашкахь тоьлла хIинццалц а оцу даржехь волу Каримов Ислам, хаамбина мехкан харжамийн комиссин куьйгалхочо Абдусаломов Мирзоулугбека.

Цо бахарехь, 90 процент, аьлча а, 17 миллон бахархошкара кхаьжнаш кхаьчна Каримовна. ДоьазлагIа а президент хIоьттинчу Каримов Исламна дуьхьал латта чекхвалийтинера Харжамийн комиссино кхоъ нахана шуьйра вевзаш а воцу кандидат, ткъа харжамашка некъ бихкира оппозицина, бохуш ю Каримовна Малхбузено ен критика.

Каримов толамца декъалвинчийн хьалхарчу могIарахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

XS
SM
MD
LG