ТIекхочийла долу линкаш

БагIдаде вахна Пан Ки Мун


БагIдаде Иракъан премьер-министрца ал-Iабади Хьайдарца дийцаршка вахана оьршотдийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла секретар Пан Ки Мун.

Цуьнан векала твиттерехь яздина, Иракъан къомана хала беанчу кху муьрехь ша цуьнца вуйла хаийта Iалашо ю Пан Ки Мунан, аьлла. Шен къилбаседанехь а, малхбузехь а к1ошташ дIалецначу «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIемалойн тобанашца тIемаш беш ю Иракъ стохка дуьйна.

Стигалхула тохарш а деш, Иракъан ницкъашна гIо до Iамеркан Штаташ коьртехь йолчу тIеман коалицино.

XS
SM
MD
LG