ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнца дечу дийцарийн I-ра раунд чекхяьлла


Боьрзуче кхаьчна зарратан герз шайн долахь долчу ялх пачхьалкхо ГIажарийчоьнца бечу бертана бух буьллуш болу коьрта мур. ТехIерано зарратан герз кхолла хилла шен Iалашо а юьтуш, дуьнено цунна ша тоьхна латтае санкцеш юха а йохуш дерза деза дийцарш аьхка, Мангал-беттан 30-чу дийнахь.

Массех шо ду и барт буьйцуш болу. Шинарий дийнахь вовшех дагабовлуш бара Iамеркан, Китайн, Британин, Францин, Оьрсийчоьнан, Германин дипломаташ. Уьш иштта цхьаьнакхийтира ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Зариф Джавадца а.

Оьрсийчоьнан дипломатин лидера Лавров Сергейс, «дика тIаьхьало хила мегаш ю дийцарийн», аьлла журналисташка.

XS
SM
MD
LG