ТIекхочийла долу линкаш

Исмаилова Хадиджа - политикан тутмакх


Демократин тергоечу Iедалх йоцчу Iамеркарчу Фридом ХIаус хьукмато дуьненан юкъаралла кхойкху Азербайджано журналист Исмаилова Хадиджа набахтехь яллор емалдаре. Мисарахь лаьцна ал-Джазира телевизионан кхо журналист дукха хан йоццуш арахоьцуьйтуш а санна, жигара хила еза юкъараллаш хIинца а, яздина оршотдийнахь шен блогехь Фридом ХIаусан вице-президента Паддингтон Арча.

Президентан Алиев Ильхаман Iедало политика буха а йиллина латтайо Исмаилова набахтехь, Алиевн ницкъ бац шен пачхьалкхехь коррупци эшон а, харцонаш шен доьзалшка ца лелаяйта а, амма цо къуьйсу шена дуьхьал латта ницкъ боцчу зудчуьнца, яздо Фридом ХIаусан вице-президента Паддингтона.

XS
SM
MD
LG