ТIекхочийла долу линкаш

Набахтешкахь хьийзабо вайнах


Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а хенаш а тоьхна, дIабигинчу наха гIело лов Оьрсийчуьрчу набахтешкахь. Царна ницкъбо Нохчийчохь тIемаш а бина, набахтешка хIиттинчу белхахоша.

Иштта дIахьедар даржийна «Гражданское содействие» олучу бакъоларъяран комитето ша Францерчу «Каритис» юкъараллица цхьаьна Европерчу гуманитаран гIодаран комиссин гIоьнца набахтешкахь бохкучу нехан хьал толлуш хIоттийна проект ерзош.


Москох пресс-конференцехь довзийтира набахтешкарчу нохчашкара а, гIалгIашкара а хьал «Гражданское содействие» юкъараллин лидеро Ганнушкина Светланас. «Набахтешкарчу дукха нехан девнаш доцчунна тIехь гIиттийна а, хенаш тухуш дерзийна а ду», - бохура Ганннушкинас.

XS
SM
MD
LG