ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн рогIера дакъа эскаре хьажон кечлуш ду Iедал


Нохчийчохь кхоьллина кегийрхой эскаре бахийта вовшахтуху комисси, Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна болх бан йолаяла еза комисси. Амма Iорадоккхуш дац тIеман комиссариато, масса жима стаг вохуьйтар ву оьрсийн эскаре. Цига ваха хан кхаьчна ву Нохчийчоьнан комиссариатан чоьтаца 80 эзар жимха.

Зазадоккху – беттан 25-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира бIаьстенца кегийрхойн эскаре бохуьйтуш куьйгяздинчу омрица а догIуш Охан-баттера Товбеца-батте кхаччалц вовшахтухур бу эскаре хьовсочаьрца болх. 150 000 жимастаг эскаре хьажон Iалашо ю Iедалан кхушара, цуьнан хьостанаша бахарехь.

XS
SM
MD
LG