ТIекхочийла долу линкаш

Зарратах дийцарш дика дIадоьлху


Кхин а цхьана денна дIадахдина Швейцарерчу Лозаннехь зарратан хьокъехь ялх пачхьалкхо ГIажарийчоьнца хьош долу дийцарш. «Прогресс ю къамелашкахь, делегацеш кхаарелц совца мега дийцарш дерзош», - элира шинарийн сарахь Iамеркан Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара ХIарф Марис.

«Диалог дикачу хоршахь йоьду, дийцарш дерзош хан яйа а мегар ду» - бохура КIайчу ЦIийнан векало Эрнест Джоша. ТехIерано зарратан герз кхоллар а дуьтуш, дуьнено ша тоьхна латтаен экономикан эмбарго мал а еш дIахьочу дийцарийн чаккхе гучуер ю Мангал-бутт бовш.

Официалехь боцчу хаамаша гайтарехь, бертахошна жоьпаш каро деза кхаа хаттарна: маца, муьлхачу кепашкахь бакъо юьсу ГIажарийчоьнна заррат талла, мел сиха юхайохур ю цунна тоьхна лаьтта санкцеш, ТехIерано барт бохабахь, муха меттахIиттор ю дуьнено эмбарго. Хууш дац, талламашбеш ТехIерано гулдинчу уранах хIун хир ду а. Амма Iамеркан Штаташа хаийтина и хаттар а шена могIарчех доцийла.

XS
SM
MD
LG