ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацамашца нах байар совдаьлла


2014-чу шарахь мехкашкахь цIеххьана совдаьлла кхелаша нах байа кхачор, хаамбо Амнести Интернейшенло. Цо бахарехь, пачхьалкхаша шаьш зуламхошца латточу къийсамехь коьртачу герзах лору стаг вен кхачор а, и тайпа сацамаш кхочушбар а. Лондонехь кхаарийдийнахь Амнестино дIакхайкхийна, дахначу шарахь 55 махко шен цIарх вен а кхачийна, вийна 2466 стаг, аьлла.

Оцу кепарчу таIзарийн доккхаха дакъа кхочу Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а пачхьалкхашна.

Европехь стаг вен кхачор официалехь ца сацийначех ю цхьа пачхьалкх – Беларус, стохка пачхьалкхан цIарх 3 стаг вийна цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG