ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тикрит къовсуш, тIом бу боьдуш


Иракъан Iедало даржийна, шен эскарша «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанех мукъаяьккхина ах Тикрит, аьлла. И хаам тIечIагIбина мехкан премьер-министра ал-Iабади ХIайдара а. Цо бахарехь, Иракъан эскаршна гIодо Iамеркан авиацино а. Кхаарийдийнан сарахь ал-Iабадис шен твиттерехь яздира, Тикрит шаьш мукъаяьккхина джихIадхойх, аьлла.

Амма кхечу хьостанаша бахарехь, севцца бац тIемаш. Доккхачу декъанна Iедало бечу тIемашкахь алссам жигаралла гойту шиIатоша. Тикрит уггаре йоккха гIала ларало Иракъан къилбаседанехь. 140 чаккхарма юьстах лаьтта иза БагIдадна. Цигахь вина Иракъехь диктатор лаьттина Хьусайн Саддам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG