ТIекхочийла долу линкаш

Зарратан дийцарш дерзаза ду


ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Джавад Мохьаммада бахарехь, Швейцарехь цуьнан пачхьалкхаца зарратан программин хьокъехь дIахьочу бертан дийцарийн «дика прогресс ю, барт цкъачунна хилла баьлла бацахь а».

Еарийдийнахь проблемин хьокъехь бистхилира ТехIеранан а, заррат герзан дай йолчу ялххе а пачхьалкхан векалш а. Дийцарийн Iалашо ю гIажароша зарратан герз ца кхолла чIагIо а еш, цунна дуьхьал дуьнено ша тоьхна лаьтта экономикан эмбарго юхаяккхар.

«Оха дикка гIулчаш яьхна барт лохуш, амма массо а хьелаш листина ца даьхна цкъачунна», - элира Зарифа ша Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретарца дина къамел доьрзуш. «Мангал-беттан 30-чохь тIечIагIбенболчу бертана бухбилларна тIехь болхбеш ду тхо», - бохура цо.

XS
SM
MD
LG