ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эккхийтар дина ОвхIанистанехь


Лаххара а 17 стаг вийна, 40 сов лазийна ОвхIанистанан малхбалерчу декъехь ша-шен эккхийтинчу стага. Маршо Радион оцу махкарчу декъо, Маьрша ОвхIанистано, бечу хаамца, ХIост провинцин губернаторна дуьхьал гуламе бевллачу нахана дина и зулам.

Бехк шена тIе ца эцна цхьана а гоно. Лазийначаралахь ву ОвхIанистанан парламентан тIеман комитетан куьйгалхо ХIумаюн ХIумаюн а. Iамеркан эскарийн доккхаха дакъа махкара дIадахча а деш лаьтта цигахь тIелетарш. ОвхIанистанехь цкъачунна дуьсуш ду Iамеркан массех тIеман дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG