ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов дагалоцуш концерт яла кхоьру Москох


Оппозиционер Немцов Борис вийна 40 де-буьйса кхочуш, иза дагалоцуш тIедогIучу кIиранах хIотто лерина концерт дIаяхьа реза ца хилла клубаш Москох. Иштта хаамбина «Дождь» телеканалан продюсера Козырев Михаила. Юьхьанца реза а хуьлуш, тIаьхьо цхьацца бахьанаш а кхуллуш, резадацар довзийтина клубаша.

Шаьш «кийча дац», шайна «ца магийна», «ца оьшу коьрталазам» бохуш ду делла жоьпаш. ТIаьххьара а «Дождь» телеканало сацамбина шен эфирехь артистийн концерт гайта, цуьнан цIе хир ю «Немцовн ТIай». Концертехь дакъалаца резахилла Намин Стас, Шевчук Юрий, Макаревич Андрей, кхин а массех артист. Борис Немцов вийра Москох юккъехь Чиллан-беттан 27-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG