ТIекхочийла долу линкаш

Немцов вийна герз лоьху хичохь талламчаша


Немцов Борисна вуьйш лелийна тапча лохуш бу говзанчаш Москва-хичохь. Хьалхо цу чохь карийна тапчанашлахь яц, талламчаша бахарехь, оппозиционерна йиттинарг. Зулам дарца доьзна, зуьйш, лаьцна ву пхи нохчо - Дадаев Заур , Губашев Анзор , Бахаев Хамзат, Эскерханов Тамерлан, Губашев ШахIид.

Низамхошна гергарчу хьостанашна тIе а тевжаш, Интерфакс-агенталло бахарехь, каронза ду хIинца а Немцов вуьйш диттина герз. Массех де ду хичохь и герз лоьху. Кхаарийдийнахь Москох кхело лаьцна кхаба кхачийна цкъачунна Дадаев Заур а, Губашев Анзор а, юхалиста хьажийна важа кхоъ лаьцна латторах болу сацам. Амма пхеаммо а чIагIдо шаьш бехке цахилар.

XS
SM
MD
LG