ТIекхочийла долу линкаш

Любиц Андреаса шен лаамца дохийна кема


«Жёманвингс» авиакомпанин Альпашкахь доьхначу хIаваан кеманца хиллачу «Iаьржа гIутакхаш» шайх олучу гIирсо гойту, Францерчу талламчаша бахарехь, шолгIа пилото Любиц Андреаса шен лаамца дохийнийла Барселонера Дюссельдорфе доьду кема, цу чуьра цхьа 150 стаг а вуьйш. Францерчу БЕА олучу аиацин бюрон говзанчаша дIахьедина, Любица ша дийриг хIун ду а кхетош, дохорхьама лахдина хилла кема, аьлла.

Немцойн низамхоша теллича гучудаьлла ша Дюсселдорфехь цIахь волуш 27 шо кхаьчначу Любица адамна ша-шен ден аьттонаш бовзуьйту а, кемалелочийн чоьнан неIарш муха чIогIу а довзуьйту литература ешна хилар. Ша дийриг а кхетош, къевлина цо, капитан чу ца вуьтуш, кемалеладечийн неI, ларам а болуш тоьхна кема ломатIе.

XS
SM
MD
LG