ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь йоI йийна да кхеле озийна


Соьлж-ГIалахь кхел йолийна шен йоIа доьзал оьзда цалеларца юьхьIаьржа хIоттийна аьлла ерна бехкевечу Даурбеков Султанна тIехь. Лурчаха Iай яйра Даурбекова Зарина. Иза лохуш бу гергарнаш аьлла бара хIетахь зорбанехь баьржина хаамаш. ТIахьо таллам болийначу Iедало иза ерна бехкевира цуьнан да. Ши эзар кхойттолг1ачу шарахь Старопромыслан кIоштахь, есачу метте а йигина, садукъдеш ен а йийна, тIе нехаш хьакхна, къайлаяьккхина иза, боху талламчаша.

Ткъа ах шо даьлча Даурбеков Султан ша веъна полице, зуламдарна къерахуьлуш. 8 стаг левина цкъачунна кхело, цара тоьшалла дина, Даурбеков Султан оьзда а, гIиллакхе а стаг ву, ткъа цуьнан йоI йоьхна лелара нохчийн гIиллакхех, ца лардора доьзалан сий, аьлла. Амма хууш ду, низамехь оцу хьоло зуламан йозалла яйъеш йоцийла – лаккхара хан тухур ю дена, цо зулам дина хилар тIечIагIлахь.

XS
SM
MD
LG