ТIекхочийла долу линкаш

Яралиев Юсуп: "Къомо ца могуьйту гIиллакхаш гIелдалар"


Нохчийчоь - Нохчийн меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 23Охаl2014

Нохчийчоь - Нохчийн меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 23Охаl2014

ГIиллакх-оьздангалла кест-кеста дийцаре долу нохчашлахь. Цхьаболучарна дагахьбаллам хуьлу уьш довш гуш. Кхечара олу, иза сагатда оьшуш хIума а дац, замано ша хоржу адамна цаьрца хила догIу хатI.

Нохчийн гIиллакхаш тIаьхьарчу хенахь эшна догIу, кест-кеста гучудуьйлу юкъараллехь къомо хийра а, эхье а лерина хIуманаш, ишта хила дезаш санна.

Къаьсттина цу могIарера, товш доцурш хаало аренца йолчу кIошташкахь. Ишта дог-ойла кхобурш кIезиг бац, амма нийса бIоста, цу хьокъехь шен маьIне хьажам болчех цхьаъ ву яздархо, меттан говзанча, махкахь дика вевзаш волу Яралиев Юсуп.

Цуьнан тептаршкара ду дийцаре диллинарг.

Яралиев: «Кест-кеста хеза иштта текъамаш: вайна дицлуш лаьтта нохчийн гIиллакхаш, цкъа а вайн къоман ца хилла хIуманаш юкъадевлла, дайша лелийна гIиллакхаш лело ца лаьа,царех гIортор яр эхье лору. Вайн кегий нах кхечу къаьмнийн культуре кхийда.

ГIиллакхаш гIелделла моттар даима а хилла ду, хир долуш а ду. Къаьсттина вайн къоман амалехь ду и. ХIунда туьйсу вайн дегнаш чу и кхерам аьлча, суна хетарг я суна зеделларг иштта ду: къомана ца лаьа гIиллакхаш гIелдала, къомо ца могуьйту гIиллакхаш гIелдалар. Вай кхоьру къоман сийлахь гIиллакхаш делла дIадовларна. Цундела орцадоху вайн синоша.

Амма гIиллакхаш долуш ду, лелош а ду. Лелочо лелош ду. Ца лелочунна тIехь дац гIиллакхаш лелор, йоIа коьртахь лело йовлакх санна. Оьздачу йоIана тIехь ду йовлакх лелор, оьзда йоцчу йоIана, сица лай йолчунна, тIехь дац; цунна мега мух-мухха лела а.

Нохчийчохь лераме ду гIиллакхаш. Дуьнен чохь мичча ша кхаьчча а, вайнахана сийлахь хетта шен ворхIе дайх дисина гIиллакхаш, амма сица заьIап волчо я арахь а ца леладо, я цIахь а ца леладо».

Ишта довзуьйту Яралиев Юсупа цу хьокъехь шена хетарг.

Яралиев Юсупан агIончаш мел бу ала хаац. Бакъду, кIезиг бац вайнехан гIиллакх-Iадаташ дицделла а догIу, хIора шарна а галдалахь бен, толуш хIума а дац бохуш сингаттамехь берш. Царех ву Новр кIоштера Расаев Хасмохьмад.

Расаев: «Цхьа бахьна телпонаш, кампутерш ю. Кегийрхой, кхиазхой цу чохь бохкуш бу-кх, царна кхин гуш хIума а дац хьуна. Боьдуш лаьтташехь цу чохь бу-кх. Iуьйра дика а.суьйре а дика а яц хьуна. Я некъ битар а дац, хьо воьду-вогIу а дац, цунна ца го-кх хьо.

ДIадуьйцург чуцалацар бахьнехь хердолуш ду-кх Iадаташ. Ненан мотт ца Iамабо, я и Iамор мехала ца хета, ткъа оьрсийн мотт караберзор перза хIума лору дай-наноша, и ца Iемаш буьсур болуш санна».

Нохчийн гIиллакх-Iадатийн хьокъехь бахархошна хетарг морзахдуьйлуш ду. Хьаам бийриг дара, хаттар мел делларг бала кхочург а хилла, хьасартне шена хетарг далхош,къамеле юкъаволар.

XS
SM
MD
LG