ТIекхочийла долу линкаш

Лозаннехь хиллачу бертах баккхийбе мехкийн лидерш


Вашингтон теша, ГIажарийчоь зарратан герз кхолла гIертарх юхайолуш хиларх а, барт буьззинчу кепехь хирг хиларх а, аьлла Iамеркан Штатийн президента Обама Барака Швейцарехь зарратан дийцарийн коьрта дакъа дирзича, хаамбина КIайчу ЦIийнан официалерчу векало. Дуьнено ша тоьхна латтае эмбарго юха а йоккхуш, ГIажарийчоьно Мангал-бутт бовш буьззина тIечIагIбийр бу зарратан герзан дайшлахь йолчу пачхьалкхашца барт аьлла ду хIинца хиллла маслаIат.

Iамеркан президенто гIажарошца хуьлуш лаьттачу бертан хьокъехь дийцарш дIадаьхьира хьалхо Бахрейнан, Кувейтан, КIатаран, Iаьрба Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а лидершца. ГIажарийчоьнан президента РохIани Хьасана телевизионехула лаккхара мах а хадош, «машар кхолларан хьалхара гIулч ю яьккхинарг» элира Лозаннехь чекхъяьллачу раундан хьокъехь.

XS
SM
MD
LG