ТIекхочийла долу линкаш

Дуьне саготта ду Йеменерчу кризисна


Йеменера кризис йийцаре ян гулъелира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташо. Организацин Инарла секретаран куьйгаметта йолчу, гуманитаран агIонах жоп лучу Амос Валерис хаамбина, Йеменехь къепедацарш дуьйладеллачу шина кIиранах цигахь вийна 520 гергга стаг, шайлахь 90 бер а долуш, хIусамех доьхна иттаннаш эзарнаш адамаш, аьлла.

Дахначу кIиранах махкарчу шиIатоша-хIутхоша тIелетарш жигара даьхча, шен дарж а дитина, шахьарара Аденера ведда Йеменан президент ХIади Мансур IабдаллахI. СаIуда Iаьрави коьртехь а йолчу пачхьалкхийн тIеман коалицино хIаваэхула деш тохарш доллушехь, сацош бац хIутхоша пачхьалкх йохош шаьш болийна тIом.

XS
SM
MD
LG