ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сааев Вахин гитарано яржайо нохчашлахь фламенко


Нохчийчоь -- Гитарист Сааев Ваха, Соьлж-ГIала, 3 Оха2015
Нохчийчоь -- Гитарист Сааев Ваха, Соьлж-ГIала, 3 Оха2015

Нохчий даима а хилла мукъамна, иллешна, эшаршна тIера. Шайн къоман дечиг-пондар я кехат-пондар боцург, цара караберзийна, лелабо гитара а, масала. Махкахь тоьллачу гитаралакхархойх ву Сааев Ваха.

Сааев Ваха Нохчийчохь цхьаъ бен воцу гитарист ву, латинийн-Iамеркан мукъамаш дIаолуш волу. Цаьрга болу безам, дерриге а дахарехь шеца болуш, иза кегийчарна бовзийта гIерташ, сахьвогIуш ву иза.

Цуьнан цIе яьккхича, юккъараллехь, башха вовзан а ца вевза, амма иза латинийн мукъамаш гитари тIехь локхуш ву аьлча, дагавогIу массарна а.

Вахас, мукъамийн оцу агIонехь сахьташкахь дуьйцур дара. Цундела, цецволийла дацара, Маршо Радионна ша интервью луш, къамел долийча цут1ера.

Сааев: «ХIинца, церан фламенко а тайп-тайпана ю. Цигахь гIийла эр дацара ас. Вай хелхаршца, эшаршца йогIуш ю фламенко. Шортта агIонаш ю цуьнан. Булериас, солеарис, фламенко, марисапалос».

Сааев Вахийн, латинийн мукъамашка безам кхоллабелла геннарчу I970 –чу шерашкахь, ша жима а, къона а волчу хенахь, нахана юккъахь дукха баьржина бара уьш. Иштта, замано Iаткъам а бина, хIетахь караэцна гитара, кхин охьацабуьллуш, схьавогIуш ву говзанча.

Сааев: «Церан эшарш ас схьа хIунда эцна аьлча, 70-80-чу шерашкахь латинийн-Iамеркийн эшарш яра массанхьа лоькхуш. Кинотеатрехь кино йолаялале, репродукторш чухулла лоькхуьйтура уьш.

Ас-м нохчийн а, оьрсийн а дIаолу, амма сан коьрта жанр латинин-Iамеркин мукъамаш бу. Патриот хила веза, суна вай эшарш еза а еза, амма, суна хIокху латинийн-Iамеркийн мукъамех товш дерг ду, техникийн агIо чIогIа кхиаме хилар».

Сааев Вахийн да а, нана а пондарчаш хилла. Цундела шена хала дацара боху цо, дахаран некъ хоржучу хенахь. Тахана, иза ша а ву кегирхошна говзалла хьоьхуш, хьехархойн институтехь.

Сааев: Тхан нана а пондарча хилла. Да-дечиг пондарча вара. Цара дуьхьало ца йора суна. Амма олура нохчийн эшарш лакха. Вай студенташ а чIогIа лууш бу гитара Iамо.

Сан 20 сов дешархо ву Iамош. ГIарабоьвла гитаристаш хилла сан студентех цхьаболчарах, Индербиев Рамзан ву «Вайнах» ансамблехь болх беш, Хасимиков ИсмаьIал а ву, Тагаев, Бисаев Анзор ву, цхьа гIалгIа йоI а ю, иза хIинца школехь хьоьхуш ю. Зудабераш а ду Iама лууш гитара лакха. 20 студентана юккъехь 7-8 йоI ю леррина гитара Iамош».

Сааев Ваха, дукхаъчу конкурсийн а, фестивалийн а дакъалацархо ву. Ваханчуьра хьалхара меттиг ца йоккхуш, юхавоьрзуш а вац.

ТIаьххьара цо дашо мидал яьккхина Сочи гIалахь дIаяхьначу искусствон дуьненаюккъерачу олимпиадехь. 35 пачхьалкхера говзанчашна юккъехь Вахас дIаолу мукъамаш бен ца тайнера жюрина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG