ТIекхочийла долу линкаш

Донбассан статус референдуме йилла тарло


Украинан президента Порошенко Петрос оршотдийнахь дIахьедина, ша дуьхьал вац Донбассна алссам бакъонаш кхачош, цигахь референдум хIотто, аьлла. Шо хьалха конфликт йолалуш, гIаттамхоша шайна алссам бакъонаш йоьхура. ХIетахь Киево ца елира и бакъо. Ткъа хIинца Лакхара Рада ю оцу хьокъехь мехкан конституцин артиклш хийца кечлуш.

Нагахь санна и хийцамаш беш хилахь, ша референдумехьа хир ву, амма дуьхьал ву Кремло хьоьхучу федерализацина, аьлла Порошенко Петрос. Иштта, шена ца лаьа оьрсийн мотт пачхьалкхан меттан дарже боккхийла, украинахойн мотт бен хуьлийла дац оцу могIарахь, бохура Украинан президента.

XS
SM
MD
LG