ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистано шен тIеман ницкъ а дуьхьалбаккха тарло Йеменерчу гIаттамхошна


Пакистанан тIеман министра Асир Хаважа бинчу хаамца, СаIуда Iаьрбийн мохк коьртехь а болуш, Малхабаленехь кхоллаеллачу тIеман коалицино дехна Исламабаде шен хIордан а, хIаваан а кеманаш, эскарш Йеменерчу шиIатойн гIаттамхошна дуьхьалдахар.

Хьалхо динчу къамелехь Пакистанан премьер-министр Шариф Наваз хаийтира ша Йеменехь тIом баржийначу шиIатойн хIути гаранна шайн ницкъаш дуьхьалбаха резавуйла. Оцу хьокъехь дебаташ ю йоьлхуш Пакистанан парламентехь.

Йеменан коьрта шахьар Сана лаьцначу гIаттамхоша декхаре вина ши кIира хьалха президент ХIади Iабд-Рабби шен резиденцера ведда къайлавала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG