ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь кест-кеста дас я вашас йоь шайн чуьра йоI, йиша, цо доьзалан сий бехдина, олий. Оцу хьелашкахь ца толлу цара, мила ву зуда эвхьазъяьккхинарг, иза Iеха а йина, гIиллакхах йохийнарг. Ткъа хьал кхеле кхаьчча, ца лоьру Оьрсийчоьнан низамо къоман ламасташ, ца бо къинхетам адам дийначех.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, нийса вуй шен доьзалхо, цо шайн хIусам сийсазйина, олий, воьш верг? Дан догIий оццул кIиза таIзар? Муха некъ нийса хир бу дена я вешина иштта меттиг доьзалехь нисъелча?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна тхан телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG