ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна тешийна Кремло къаьмнийн хьашташ?


Оьрсийчоьнан къаьмнашкахула йолчу агентствон куьйгалхо Баринов Игор, Нохчийчохь тIом бечу заманахь.

Оьрсийчоьнан къаьмнашкахула йолчу агентствон куьйгалхо Баринов Игор, Нохчийчохь тIом бечу заманахь.

Оьрсийчохь Къаьмнийн гIуллакхийн федералан агентство кхоьллина. Цуьнан коьртехь ву ФСБ-н полковник Баринов Игор. Къаьмнийн юкъаметтигийн геополитика а, динийн уьйраш а тергоне а оьцуш, Оьрсийчуьрчу бахархойн цхьаалла чагIъян Iалашо ю урхаллин.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира декхаревинера премьер-министр Медведев Дмитрий Охан-бутт юккъе балале Къаьмнийн гIуллакхийн федералан агентство кхолла.

Дуккха а дийцарш даьхкира цу юккъе, массарна а лаьара хаа, мила хIоттор ву оццул экамчу урхаллин коьрте?

Тергамчийн, политикана гергаболчийн багахь яра масситта юкъараллехь евза цIераш. Масала, Оьрсийчуьрчу культуран министраллин хьаькам Журавский Александран, дахначу шерашкахь къаьмнийн гIуллакхийн министраллин даржехь лаьттинчийн цIераш йохура: Тишков Валерийн, Зорин Владимиран, тахана Дагестанан президент волчу Абдулатипов Рамазанан а.

Амма Кремло цхьанна а дагахь доццург дина – лерринчу «Альфа» ницкъийн цхьана декъан куьйгаллехь лаьттина, цул тIаьхьа Свердловск-кIоштан цIарах пачхьалкхан Думе хаьржинчу Баринов Игор хIоттийна.

Тахана массара а дийцаредо Баринов Игоран биографи тIамца йоьзна хилар.

Шен тIеман карьера цо йолийна хIаваъан а, десантан а дивизехь, цул тIаьхьа кхаьчна къайлахчу сервисан, ФСБ-рчу «Альфан» могIаршка, цуьнан цхьана декъан куьйгаллехь а хилла.

Къилбаседа ХIиричохь, Нохчийчохь тIемашкахь дакъа а лаьцна Баринов Игора. Нохчийчохь кхузза лазийна а, Iедало лаккхара совгIаташ делла а ву полковник Баринов.

«Цхьааллин Орсийчоь» партин могIаршка а ваьлла веана иза политике.

Къаьмнийн юкъаметтигийн геополитика а, динийн уьйраш а хир ю керлачу урхаллан тергонехь. Цигахь Бариновс къахьоьгур ду Оьрсийчуьрчу бахархойн цхьаалла чагIъеш.

Маршо Радионо шеггара теллира, хIун пайда бохьур бу керлачу урхалло а, цуьнан куьйгалхочо а къаьмнийн политикана. Новкъарло хир юй-те Кавказан агIор Нохчийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь тIемашкахь хиллачу Баринов Игорна?

Оцу хаттаршна жоьпаш дийхира Маршо Радионо Оьрсийчуьрчу хаамийн а, аналитикан а «Сова» центран куьйгалхочуьнга Верховский Александре.

Верховский: «ХIаъ, бина тIом! Дукхамма дакъа лаьцна тIамехь, амма иза башха коьртаниг а дац.Суна ца хаьа, нохчийн къомо и тIе муха оьцур ву, я новкъарлонаш йийр юй ца хаьа и болх бан волавелча. Цунах дала жоп дац сан. Амма цхьа хIума хаьа суна, милла цу даржехь хилча а, Кремлан лаамаш кхочушбеш, цуьнан политика лелон езаш хир ву.

Ца хаьа, пайден хир ву и я вац церан хьажамашца лелча. Дуккха а проблемаш ю цунна хьалха, масала Дагестанехь, Нохчийчохь хуьлу конфликташ а цо муха ерзор ю ца хаьа суна. Цуьнах цхьаннах доьзна а хир дац, массо агIор специалист ма вац иза, цо шен штате балха оьцучаьрга хьажна а хир ду».

«Сован» куьйгалхо волчу Верховский Александрал башха, тешаш вац керлачу агенствоно къаьмнашна пайдабийр бу бохучух Маршо Радиоца къамелехь хилла ГIебартан-Балкхаройчуьрчу адамийн бакъонаш ларъечуюкъараллан куьйгалхо Хатажуков Валерий а.

Пхи шо хьалха Къилбаседа Кавказна шенна федералан го кхуллуш массо а тешна вара, цигарчу къамнийн проблемаш аттачу евр ю, аьлла.

Хьал то ца делира, боху цо, хIетахь, я хIинца а вац ша тешна, керлачу агентствоно цхьа пайда къаьмнашна бохьург хиларх.

Хатажуков: «Дарже и хIоттийначул тIаьхьа хезна суна дуьххьара цуьнан цIе. Интернетан сайташкахь бес-бесара язъе комментареш го суна, хIунда хIоттийна, мила ву и, мичара ваьлла, бохуш. Суна коьртаниг и ца хета. Хьалх-хьалха а цIераш кхин а йолуш и тайпа ведомстваш хилла ю, амма къаьмнинй проблемаш дIа ца евлла тахана а.

ДагадогIу суна, пхи шо хьалха СКФО яра кхуллуш, Кавказан проблемаш ерзо, амма тоделла хIуммаъ хIинца а. ХIун проблемаш ю аьлча? Уьш ю террор яржарца йоьзнарш, къаьмнинй синбахамаллин программаш лахъярца, къаьмнинй меттанашкахь школашкахь хьехаран программин сахьташ жимдар, коррупци яржар, ишта кхин дIа а....

Иштта проблемаш лаьтта къаьмнашкахь, ткъа уьш цхьалха яха уггар хьалха оьшург Iедална тIехь оьшу контроль ю. Вуьшта хьал толур ду бохург бакъ дац».

Къаьмнийн гIайгIанаш кIоргга, шатайпанарчу тидаме эца еза бохуш, дукха далхийра кху тIаьххьарчу шерашкахь. Пачхьалкхехь ксенофоби а, национализм а, кхечу бесанашкара а цабезамаш баржарна дара наха министралла оьшу кест-кеста алар.

Амма дагахь доццучу хьесапехь кхочуш хилла сатийсинчийн аьллар. Цхьаъ делахь, министралла а ца олуш, къаьмнийн юкъаметтигаш тоечу урхаллах агенталла алар стенна ду ца кхета дукхахберш.

Кхин а чIогIа уьш цецбохуш ду цуьнан коьрте кхин тIех вевзаш а воцу ФСБ-н полковник хIоттор.

Жоьпаш а карор ду вайна, гарехь, кестта.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG