ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев вен кхачон догIу аьлла прокурора


Iамеркарчу Бостонехь 2013-чу шарахь марафоне арабевллачу нахана дуьхьал терроран тохар дарна бехкевечу Царнаев ЖовхIаран кхелехь бехктIебахьаран къамел дерзош бистхилла прокурор а, адвокаташ а. Шен дерзоран дош олуш прокурора Чакраварти Элока ЦарнаевгIар зуламдина, элира, «Iамеркана таIзардеш». И хаамбо USA Today газето. Царнаев ЖовхIар вен кхачон догIу, «цо шен вашах динначул зуламаш а дина, кхетамчохь а волуш, шен лаамехь а лелла», аьлла шен къамелехь прокурора.

Ткъа Царнаев ЖовхIар цуьнан воккхахволчу вашас лелийна шена тIаьхьа хIоттийна, иза вуьззина шеггара лелаш ца хилла, чIагIдо адвокаташа. Иштта бохура кхелехь адвоката Кларк Джудис. Кхел ерза герга юьгуш, кхидIа болх бийр бу арахьара тIекхайкхинчу бехккъасторхоша. Лурчаха Бостонерчу марафонехь эккхийтар дича, 3 стаг а вуьйш, ши бIе сов лазийра. Цунна бехке бечу вежарех воккхахверг, Тамерлан, вийра иза лаца тIаьхьадевллачу полицин дакъоша. Ши де даьлча лечкъинчуьра лаьцна, кхеле валийна ву жимахволу ЖовхIар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG