ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман сий даздеш, совгIат дина Соьлж-ГIалина


Нохчийчоь --Соьлж-ГIала тIеман муьрехь
Нохчийчоь --Соьлж-ГIала тIеман муьрехь

Соьлж-ГIалина Оьрсийчоьнан президенто шен омрица «ТIеман Сийлаллин ГIала» цIе тиллар кеп-кепара туьду Нохчийчохь. Мел деза го бахархоша шайн мехкан шахьарна Кремло делла дарж?

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен сацамца масех гIала, шайна юкъахь нохчийн коьрта шахьар а йолуш даржехь лакхаяьккхина «ТIеман сийлаллин гIала» цIерш а техкина. Лераме кхаж баьллачарна юкъахь ю ур-аттал Оьрсийчоьно Украинера схьаяьккхинчу ГIирма ахгIайренна тIера Феодосия гIала а. Соьлжа гIалина «ТIеман сийлалин гIала» аьлла керла цIе тилларо тайп-тайпана хьажам-хетарш гучудаьхна нохчийн юкъараллехь.

Бахархой кхаа тобане боькъуш санна, коьртачу декъана билгальяьлларг кхо дог-ойла ю: резаберш, резабоцурш, бен дIа цахетарш. Соьлжа гIалина и лераме цIе тиллар хьокъехь нохчийн парламентан хьаькамо дIахьедина. «Иза нийса а, хьакъдоллуш бина а сацам бу,- боху Абдурахманов Дукхвахас. - Тхуна хаьа Даймехкан Сийлахьчу тIамехь Гитлеран эскарша Кавказехь бечу тIемийн коьрта Iалашо хилла Соьлжа гIалин мехкадаьттана тIе а кхаьчча, тIеман дIабахьар, хьал-дIахIоттам шайна пайдехьа берзо.

Хууш ма-хиллара, Соьлжа гIалин мехкадаьттан сурсаташ тIехь дIалелаш хилла 90% хIаваан кеманаш. ТIетоьхна ала хьашто а йоцуш, и тIом толаме берзош доккха дакъалаьцна Соьлжа гIалано».

И керла цIе тиллар хааме даьлла дукха хан ялале ишта дIахьедар Iорадаьккхина парламентан спикеро.

Билгалдаккха лаьа, 2007-чу шарахь дуьйна Соьлжа гIалина и еза цIе яккха гIерташ, Кремлан долахошка дукха текъамаш беш, юх-юха а дехар, леткъамаш кхехьийтина кхузарчу Iедалдайша, жигара хьийзачех цхьаъ Абдурахманов Дукхваха коьртехь волу изза парламент а йолуш.

«ТIеман сийлаллин гIала» цIе тилларо Iедалдай декхаре бо Соьлжа-гIалин герб а, президентан сацам а тIе а язбина, керла хIоллам хIотто. Цул сов цуьнца доьзна дIадахьа деза даздарш доцуш Iедал декхарийла ду Чилланан беттан 23-чу дийнахь а, толаман а, гIалин а деношкахь шатлакхаш кхисса.

Вуьшта аьлчи, нохчийн бохийначу, къоме бала боссийначу дийнахь даздарийн герзаш дийла дезаш ду «ТIеман сийлаллин гIала» цIе тиллинчу шахьрахь. И цIе тиллар хазахеттарш дуккху а бу, амма къам дохийначу 23-чу дийнахь шатлакхаш кхуьссуш даздарш дIадахьа деза бохучунна реза бац цхьаберш. Царех ву Шелковск кIоштера Лечиев Солтамурд.

Лечиев: « И цIе йогIу дукха хан яра. ХIунда аьлча, гуттар чIогIа боьдуш тIом а болуш, гIалина тIе бомбанаш а етташ, цуьнга тIамна гIо ца дайта гIерташ, мехкадаьттина тIекхача гIиртина мостагIий. Шина агIор тIегIиртина немцойн эскарш, уьш юхатоха гIерташ къахьегна соьлжагIалахоша. Кхечу гIаланашка хьаьжча хаза нехан санна тIамна гIо дина ю тхан гIала. Цунна и цIе йогIу дукха хан яра.

Яла тIаьхьа еллехь а, суна чIогIа хаза хетта тхайн гIалин кхачо йоллуш мах хадийна. Ткъа шатлакхех аьлчи, цу дийнахь уьш кхуьссур ю бохург сан кхетамо герга ца дуьту. Оццул бала тIебеъна дукха къаьмнаш дац. И цIе яларх цу дийнахь цакхиссарх кхин денош ду уьш кхисса».

Соьлжа гIалина «ТIеман сийлаллин гIала» цIе тиллар шена кхаъ хилла бохуш дуьйцу Новр кIоштерчу пенсионера Шахмаев Авалус. Шена чIогIа новкъадогIура, боху цо Брест гIопехь биста кхаччалц вайнаха чIогIа тIемаш биннашехь цхьана фильмашка я кхечу хьожийлашкахь уьш хьахацабар.

Шахмаев: «Нохчаша тIом а бина дукха чIогIа, амма цхьанхьа а хьахош-м бац. Турпалхой а хилла, Брестехь эгнарш тоьар бу кхин хIумма а ца хилча а. Нохчаша латтийна а ю иза. Чиллан- беттан 23-чу дийнахь, дезде ду аьлла, цу дийнахь шатлакхаш кхисса еза бах, и цIе еллачу гIалахь. Иза къам дохийна, дакъаза даьккхина де ду. И ца дайта Iедалдай хьекъал кхочур ду аьлла-м хета суна».

Дезачу деношкахь кхиссахь а, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь, нохчашна къематде хIоттийна хан шатлакхашца язьярна ша дуьхьал ю бохуш дийцира соьлжагIалахочо Мазаева Лидас, Кремлна лаахь Нохчийчохь уьш кхуьссур яц ала а дац бохура цо.

Лида: «Цу дийнахь шатлакхаш кхисса еза бохучунна адам реза дац. Нохчийн халкъана тIе хаза нехан санна бала боьссина де ду иза. Шен халкъан истори йицйинчунна хиндерг дац, олуш ду-кх. Халкъан истори цхьа агIо дIа а листина, хила а ца хилча санна дицдина паргIатвала йиш яц. Цу дийнахь шатлакхаш кхиссар нийса хуьлийла а дац. Вуьшта Кремло алахь Нохчийчохь дийнна шарахь а лаьттар-м ю и шатлакхаш».

И цIе а елла Соьлжа гIала даржехь лакхаяьлча а, ца яьлча а тIекхетар долуш кIадда а дац Iедалдайшна совнаха а шайн синкъерамаш дIабахьа бахьана далар доцург.

Цу кепара хьажам берш а бац кIезиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG