ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-н салти вийна ОвхIанистанехь


Атлантикан тIеман альянсера Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн салти вийна овхIанхойн эскархошца Нангархар провинцехь иккхинчу тIематасадаларехь, хаам баржийна меттигерчу полицино. Амма цунах цкъачунна тоьшалла ца дина альянсан векалша. Нангархаран полицин куьйгалхочо Шерзад Фазела бахарехь, овхIанхойн салти хилла дуьххьара герз тоьхнарг, оцу бахьанийца вийна НАТО-н салти.

Шерзада далочу тоьшаллийца, тIелетта овхIанхо а вуьйш, лазийна цуьнан ши накъост-овхIанхо. Провинцин шахьарахь Джалалабадехь Iамеркан векалтера белхахой цхьаьнакхетта хилла гонахарчу провинцийн губернаторшца, и барам бирзича тоьхна овхIанхойн эскархочо герз. Кхо бутт гергга хьалха а хилира и санна бохам. ОвхIанистанан эскархочо вийра хIетахь Iамеркан базехь болх бен кхо стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG