ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчьура 2600 стаг гIур ву кхушара ХьаьжцIа


2600 Нохчийчоьнан вахархо гIур ву кхушара СаIуда Iаьрбийн махка, ХьаьжцIа. Оццул ю Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно а, бусулба динан урхалло а кхачийна меттигаш. Амма даржийра хьалхо хаамийн гIирсашкахула, биометрикаца кечдина арахьара паспорташ доцу нах бахалур бац Макка-Медина аьлла.

Оцу бахьанийца Нохчийчоьнан муфтиято кхайкхам бина хьаьждан лаам болчу махкахошка биометрикан паспорташ даха аьлла. Парз кхочушдан луучеран дехарш чуоьцуш ю муфтият. Кехаташ цига дIакхаьчна хила деза Товбеца-бутт болабалале. Дагестанна кхаьчна шозза сов меттигаш – 6200, ГIалгIайчоьнна – 1400. Оццул бара Къилбаседа кавказан мехкашна дахначу шарахь кхачийна меттигаш а.

XS
SM
MD
LG