ТIекхочийла долу линкаш

Кремлна мел лаахь а, нохчашна дицлур дац цо СемаIашкахь хIоттийна къематде


Нохчийчоь -- СемаIашкахь оьрсийн эскарша нах бойучу юкъанна, 1ГIу1994

Нохчийчоь -- СемаIашкахь оьрсийн эскарша нах бойучу юкъанна, 1ГIу1994

20 шо кхаьчна Оьрсийчоьнан эскарша СемаIашка гоне а лаьцна, цигахь масситта бIе вахархо вийна.

Нийса 20 шо хьалха, СемаIашкахь хилла болу и бохам, масалле бара ала мегар ду. ТIамца Нохчийчу деанчу Оьрсийчоьнан эскарша теллира, олуш ма хиллара тIамца, мел барам болуш, адамийн бакъонаш хьаша мегар ю шаьш аьлла.

Нохчашка, тахана доттагIаллийн тIемаш кхийдадечу я Iаьрбоша, я малхбузерачу пачхьалкхаша а, цунна доьхьала хIума ца аьллера. Нохчий биснера, оцу ца кхетачу кIоршмаллийца, къийзаллийца цхьалха.

Оханан беттан 7 –чу а, 8-чу а дийнахь, оцу эвлахь тIеман тасадалар хиллера, тIемалойн кегийчу тобанашца. Шинна а агIор, байина а, лазийна а нах бара. Оцу юьртахь «зачистка» йолийнера милицоша а, эскархоша а. Цара цигахь шина дийнахь нахана тIехIоьттинарг къемат де дара, бохуш дуьйцу Маршо Радиога, оцу эвлара вахархочо Мусаев Мохьмада.

Мусаев: «Дуьнен чохь, кхин доьхна де догIур дуй-те аьлла, доьхна де дара иза. Юьрт мел ю, бежнаш Iоьхуш, жIалеш леташ, эскархой чу а баьхкина, мел йолу техника а, герз а дахьаш чу а баьхкина, жоьжагIате яра-кх иза. Дела оьгIаза ма гIойла иштта аларна, амма, жоьжагIат бохург, шина дийнахь оцу юьрта доьссина дара».

Официала Iедалша, оцу хенахь даре деш дацара СемаIашкахь, маьрша нах бойуш бу аьлча. Амма, журналисташа а, хIетта болх бан буьйлабеллачу бакъоларъярхоша а, нийса бIостнехь дерг дуьйцура. Цара арахецна жайнеш ду, оцу деношкахь СемаIашкахь хиллачу бахархойн тоьшаллаш а долуш.

Дукхаъчу меттигашкахь, цара дуьйцу, цIенош чу нах лохкий, неIарш дIа а къовлий, уьш дагош, я ша боллу доьзал гул а бой, массийта агIорара маса тоьпаш а еттий, нах байина хилар. Шайна тIе герз ца тохийта, тIеман техникана тIе маьрша нах а бохий, юьртахула дIаса а лелла уьш. Массийта дийне дахделлера, семаIашкахошна тIехIоьттина долу и Iазап. БIеннаш байинера, бохуш кхин дIа а дуьйцу Мусаев Мохьмада.

Мусаев: «Тхайн урамера сан цIенош дагийра, Ваха вийра, Додик вийра, Висайт вийра, Идарзох вагийна, чим бира хьуна. Воккха стаг вара иза. Мотт луьйш а воцуш, цхьа жима стаг вара Мовлид. Иза а вийра. 520 стаг ву хьуна цигахь вийнарг. Цхьа стаг мила-хьенан ву ца хиъна. Некъан галморзаллехь иза, хьаладаьккхина дог а долуш, накха тIе охьдиллина, иштта карийнера. Вуьйш бовза а боьвзуш бу».

Оьрсийн эскархойн агIора, хIаваI кеманаш а, танкаш а, яьккхий тоьпаш а, «градаш» а, кхидолу герз а дара оцу эвлана тIеоьзна. Москохан а, Оренбурган а кIошташкара ОМОН а, Софрино олучу меттера тIеман дакъа а, 4 эзар сов эскархой а болуш дIаехьира и операци. Цунна куьйгалла деш хилларг инарла Антонов хилла. Иза, тIехь къаьстина Романов Анатолий хиллийла. Къизалла, бух а боцуш гайтинера оьрсинй эскархоша, оцу юьртана тIелатар динчу хенахь, аьлла билгладаьккхира Мусаев Мохьмада.

Мусаев: «Оьрсийн цхьа яздархо вара, воккха стаг вара иза, Боккхачу тIамехь а хилла волу. Суна хетарехь Нагибин яра моьтту суна цуьнан фамили. Цо элира: вайна уьш цабезар хIун бахьан ду шуна аьлча, царна шай паргIато а, маршо а еза дела. ЖIалеш гул а дина, «фас» аьлла цаьрга дина омра дара иза. Дала кхоьллина жIалеш ду уьш вайна тIехь».

ХIетахь Оьрсийчохь, мелла а дешан маршо лелаш яра. Пачхьалкхийн думийн комиссии яхнера СемаIашка, цигахь хилларг талла, коьртехь Говорухин Станислав а волуш. Оцу эвлара бахархошна хьалхахь, цара дийцинчу хIуманех цецваьлла, дог гIелделла воьжна, лоьраш метта а валийна хилла иза. Амма, Москоха дIакхаьчча, ма дарра а доцуш, Кремлан ма товв дийцина, элира оцу юьртара вахархочо Мусаев Мохьмада.

Мусаев: «Кхуза веъча, кху дуьненчохь, кхузахь санна хилла харцо а, къизалла а яц аьллера цо. Вьетнамера Сонгми, Белоруссера Хатынний ю бохура. Къемат де ду бохура. Велха а вилхина дIаваханчулла тIаьхьа, шен дерг дийцина охьхиира».

Тахана а, СемаIашкахь динчу, шеко а йоцуш, адамаллан доьхьала зулам лоручу оцу бохамах жоьпе уозийна цхьа а стаг вац. Я цуьнах а, я бIеннаш, эзарнаш маьрша нах байинчарна а таIзар хилла а нах бац. Хира бу аьлла а ца хета цхьанна а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG