ТIекхочийла долу линкаш

Аятолла Хаменаи хиллачу бертах шина даггара ву


ГIажаройн лакхарчу аятоллас Хаменаи Iелас дIахьедина, ша я дуьхьал а, я тIетовш а вац Швейцарерчу Лозаннехь шайн мехкан зарратан программин хьокъехь хиллачу бертана, ша хьожур ву дийцарш муьлхачу жамIашца доьрзу, аьлла.

Кху беттан шолгIачу дийнахь йирзинчу дийцарийн раундан хьокъехь дуьххьара вистхиллачу аятоллан дош лаккхара мах болуш лела ГIажарийчохь. «Цкъачунна гучубевлларш бертан битамаш бен бац, хила тарло вайна дуьхьаллаьттачу агIоно кийтарло лелош, амма цкъачунна йист ца яьлла къовсамехь», - бохура ша телевизионехь динчу къамелехь Хаменаи Iелас.

Зарратан герзан да йолчу еа пачхьалкхаца ГIажарийчоьно дIахьочу дийцаршкахь цкъачунна билгалдаьлларг цхьаъ ду: ТехIеран реза ю шен зарратан программа дуьнене ша герз кхуллур доцчу кепехь тергоне эцийта, ткъа 6 пачхьалкхо, гIажароша зарратан герз кхуллу некъ битахь, юхайоккхур ю царна дуьхьаллаттаен экономикан эмбарго.

Кхушеран аьхка бертаца дерза дезаш ду дийцарш.

XS
SM
MD
LG