ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон: Нийса дац ТехIеран Йеменерчу гIаттамхошкахьа ялар


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу PBS телевизионехула пачхьалкхан секретара Керри Джона дIахьедина, шайна хаьа ГIажарийчоьно Йеменехь тIемаш айбинчу шиIатошна-хутхошна гIодойла, Вашингтон Iийр яц, ТехIеране Йеменера хьал кегарене а дуьгуьйтуш, хьоьжуш, аьлла.

Йемене ТIехIеранера кеманаш лелийла хууш ду, ГIажарийчоьно хьал талхочу муьлххачу а Малхбалерчу пачхьалкхан агIо лоцур Вашингтоно, гуш лаьтташехь марсабоккхуьйтур бац цуьнга цунна юьстах иккхина тIом, бохура Керрис.

Iамерко, СаIуда Iаьрбийн махкана гIо а деш, герзаш кхачадо Йеменерчу Iедалан ницкъашна, тохарш до гIаттамхошна кеманашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG