ТIекхочийла долу линкаш

Мазари-Шарифехь прокуратурана тIелетта кхо герзахо


ОвхIанистанерчу Мозари-Шариф гIаларчу прокуратуран цIенна чу а лилхина, иза лардечу ницкъашца еарийдийнахь тIом бина кхаа герзахочо. И хаам баржийна Маршо Радион Маьрша ОвхIанистан сервисо. Шайлахь полисхой а, маьрша нах а болуш, лаххара 5 стаг велла, 55 чевнаш йина. Хаамийн гIирсаша бахарехь, тIеман духарахь хилла тIелеттарш.

Кхаарийдийнахь а иккхира и тайпа зулам махкахь – Iамеркан цхьа эскархо а вуьйш, массех лазийра Джалалабадехь овхIанхойн эскархочо. Оцу хьокъехь, «хьалхачул башха, ОвхIанистан маьрша йоцийла а, Iамеркан эскарийн докккхах дакъа арадаьллачу кху муьрехь цигарчу ницкъашна гIо оьшийла а хоуьйту» дечу тIелетарша, аьлла дуьйлучу зуламийн хьокъехь Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министра Картер Эштона.

XS
SM
MD
LG