ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев ЖовхIар бехке ву боху кхелахоша


Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дарна бехкевечу Царнаев ЖовхIаран кхелехь иза декъахь ву алссам адам ден бина хиллачу бертан, аьлла шайн сацам дIакхайкхийна бехккъасторхоша. Лурчаха цо а, цуьнан вашас Тамерлана а зулам дича велла кхо стаг, 260 сов лазийна, боху кхело. Кхел йоьдучу 12 дийнахь 88 теш валийра ладегIаршка.

Амма веанга ла а доьгIна, тоамбина суьдхоша. Бехккъасторхошна дуьсу хIинца шина некъах цхьаъ къастор: вен кхачо веза Царнаев я валлалц набахтехь кхаба веза. 30 бехк бу цунна тIекховдийна, низамца а догIуш, царех 17-мма иза вен кхачаво. Алсамо хезар ду шуна оцу девнах лаьцна тхан программехь.

XS
SM
MD
LG