ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра авиадиспетчерш бехке бо Полшано


5 шо хьалха оьрсийн Смоленск гIалина герга кхочуш, Северный аэродромехь, иккхинчу кеманчохь кхелхина шайн Iедалан дай дагалоцуш ю Полша. Президент Качински Лех, цуьнан зуда, мехкан банкан куьйгалхо, лаккхара инарлаш декъахь а болуш, 96 стаг велира хIетахьлерчу бохамехь. Советийн леринчу ницкъаша Катынехь байинчу полшахой-эпсарийн сийдан боьлхуш хиллера хIетахь белла Iедалхой. Бохаман бахьана толлуш ю Полша хIинца а.

Ши кIира хьалха Полшин прокурораша дIахьедира, шаьш дагахь бу Оьрсийчуьрчу шина авиадиспетчерна духьал бехктакхам кхайкхо, аьлла. Цара дийцарехь, кема охьадуссуш ма-оьшшу терго ца йина диспетчерша. Шек бу тергамчаш, Украинера конфликт бахьанехь шена критика ечу Полшин кара Оьрсийчоьно шен диспетчерш лур бу бохучух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG