ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Реза яц вовшашна ТехIеранний, Джиддий


ТехIеранехь маситта бIе стаг протестан гуламе ваьлла шайн ши махкахо-кхиазхо СаIуда Iаьрбийчоьнан аэропортехь полицино хьийзор Iаьткъина.

Ассошиэйтед Прессано хаамбарехь, шоьтандийнахь СаIуда Iаьрбийн мехкан векалтна хьалха гулвелира, шайн пачхьалкхо и тайпа гуламаш шайггара бан ца магадешшехь, 300 гIажаро и векалт дIакъовла, махкара саIудахойн дипломаташка дIагIо, аьлла.

Дийцарехь, ши гIажаройн кIант хьаждан вахана хилла Джидде, ткъа хьийзийна цигарчу полисхоша. Йеменера конфликт бахьанехь гIоьртина ю юкъаметтигаш ТехIерананний, Джидданний. ГIажароша тIекарлойо цигахь Iедална духьал тIемаш бечу шиIатошна, ткъа СаIуда Iаьрбийчоь ю церан гIаттам хьошуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG